ХӀара йаззам Нохчийн Википедин хаьржинчарех бу |
Дзюдо́ (яп. 柔道 дзю: до: , ма-дарра — «КӀеда некъ»; Россиехь иштта олу «Сетта некъ») — Японин латаран говзалла, XIX бӀешарахь японин латаран говзанчас Дзигоро Канос (1860—1938) кхоьллина спортан герз доцуш латар. Иштта Дзигоро Канос кхоьллира коьрта бакъонаш а, Ӏаморан бух а, къовсаран бакъонаш а.
Дзюдо кхоьллин де лоруш ду Канос хьалхара дзюдо школа Кодокан кхоьллин де 1882 шарахь.
Дзюдохь магийна йу кхоссараш а, лазаран приёмаш а, сацораш а, садукъаран приёмаш а лаьтташ а, партерехь а. Тохараш а, лазоран кхераме приёмаш а ката санна бен ца Ӏамайо. Кхоьчу тайпан латарашца (желтойн-риман латар, паргӀата кепар латар) башхал йу магийтина приёмаш алсам хилар.
Дзюдон коьрта ши принцип йу «Кхиаман тӀекхачархьам вовшен гӀодар а, вовшех кхетар а», «Тоьллачу кепар дегӀах а, синах а пайда эцар». Дзюдо Ӏамочун Ӏалашо хила еза гӀора сов даккхар а, латаран кечвалар а, шен дог-ойла тайар а. И деш оьшу низам а, чӀогӀамалла а, гӀиллакх а, кхиаман тӀекхача оьшуш болу къинхьегам а.
Дзюдо йу Олимпан ловзарашан йукъайогӀуш. Дзюдон техниках бух хилла дукха таханлера латаран тайпанашан. Царна йуккъехь самбо, Бразилин джиу-джитсу, Каваиси Рю дзюдзюцу, Косэн дзюдо. Дзюдо Ӏамийна Морихэй Уэсиба (айкидон кхоллархо), Мицуё Маэда (джиу-джитсун кхоллархо), Василий Ощепков (самбо кхоьллинчарех цхьаъ), Годзо Сиода (Ёсинкан тайпан айкидо).
Дзюдо дӀахӀоттар нисделира 1880-гӀа шерашна тӀе. Иза йара хала зама. Цу хенахь Японийн куьйгалхойн йукъахь йаржина йара малхбузера культура схьаэцарана политика. Цундела ламастан тӀеман говзалаш лоруш йацара. Говзанчаш шайн хьехар сацадора, цхьабераш къоьлахь лоьра.
Дзигоро Кано жима волучу хенахь дуьйна вара дзюдзюцу (джиу-джитсу) Ӏамош. Цо Ӏаминера Тэндзин Синъё Рю а, Кито Рю а школашкахь хьоьху дзюдзюцу. Оцу бух тӀехь цо кхоьллира керла латаран тайп. Цунна цо Кодокан дзюдо цӀе тиллира.
Дзюдо цӀе японийн латаран говзаллашкахь лелош йара дзюдзюцу шозлугӀа цӀе санна, амма Дзигоро Канос диллира оцу дешанчу керла маьӀана. Цо элира дзюдохь коьртаниг техника йац, ша шен кхачаме валор (до) ду аьлла. Иштта и цӀе хержина Кано гайта гӀертар дзюдон гуманизман хьажам. Цу хенахь дзюдзюцу дукха наха лоруш дара шога гӀуллакх, нах хӀаллак бан кхоьллина, оьзда стагехь товш доцу хӀума.
Канос дзюдохь магийтина приёмаш йукъа ца йахийтира цхьайолу дзюдзюцун уггара кхераме приёмаш йахьаллонаш кхерамаза бан хьам. Амма уьш Ӏамо йиш йу ката санна.
Хьалхара Кодокан школан майда 22 м² бен йацара. Амма Дзигоро Кано корматаллаш бахьнехь дзюдо сиха йаржира. И йаржарна гӀо дора ТӀеман дикалла дендаран ассоциацис (Дай Ниппон Бутокукай) йола йина будо карлайаккхарна болам а, дзюдоисташ дакъа лоцу Коьрта полицин урхаллас 1885—1888 шерашкахь йеш йолу кхоьчу дзюдзюцу школашкаца хилла йахьаллонаш а. Оцу йахьаллоний декъашхох цхьаъ вара «дзюдон похӀма» цӀе йолу Сайго Сиро.
1887 шарахь Кано куьйгалхоца кхоьллинера Кодокан стилин техникин бух. 1900 шарахь кхоьллинера йахьаллин бакъонаш.
1888 шо дуьйна, Ясиро Рокуро бахьнехь, дзюдо Ӏамо болабелира ХӀордан тӀеман училищан курсанташ.
1907 шарахь дзюдо йукъайахийтира йуккъера школан программан йукъа. И бахьнехь дзюдо Ӏамошбераш сов а белира, йукъараллин тидам дзюдон а тӀебирзира.
1909 шарахь Дзигоро Кано массарелла йевзуш Японин спортан организацин куьйгалхо ву аьлла хаьржира Халкъашна йуккъера олимпиадан комитетан декъашхо. 1911 шарахь цо кхоьллира Японин спортан ассоциаци. Иза хаьржира оцу ассоциацин президент. 1922 шарахь Кано хаьржира Японин парламентан лакхара палате. 1926 шарахь Кодоканехь хьайиллира зударашна дзюдо Ӏамо секци.
1938 шарахь ша валлалц Дзигоро Канос къахьоьгар дзюдо Японехь а, дуьненахь а даржийтархьам. Дзигоро Кано цхьаа дан йацар. Цо кхоьллинера дзюдо, цундела цо ша лора данаш дзюдоисташан.
Дзюдо даржаран гӀо динера Цунэо Томитас арахецна роман «Сугата Сансиро». Оцу романаца Куросавас йаьккхира иштта цӀе йолу фильм (иштта йевзуш йу «Дзюдон похӀма» цӀарца).
ШозлугӀа дуьненан тӀом чекхбелира Япони эшош. АЦШ тӀеман говзаллаш хьехара ца могуьйтура. И бахьнехь Японехь дзюдо кхиар сецира. 1948 шарахь тӀеман говзаллаш йуха а магийтинчултӀехь, дзюдо йуха а школашкахь хьеха болабелира.
1982 шарахь (Кодокан кхолларан 100 шо кхачаран) дзюдо кхоссаран техника та а йинера, шор а йинера. 1997 шарахь Кодокан дзюдон кхиъ ши кхоссар тӀетуьхуьра. 1997 шо дуьйна Японехь йолаелира ката йахьаллаш.
1887 шарахь Кодоканехь Ӏама болабелира хьалхара кхоьчу пачхьалкхар дешархой — Истлэйк вежари. XX бӀешо долалучу хенахь дзюдо клубаш йукъайаьлира АЦШ, Францехь, Йоккха Британехь. 1903 шарахь Ёсиаки Ямасита цӀе йолу Японийн дзюдоистас дзюдо приёмаш гайтира АЦШ президентан Теодор Рузвельтан. Цул тӀаьхьа цо шина шарахь хьийхира дзюдо АЦШ тӀеман хӀордан академехь.
1904 шарахь Канос хьажийра АЦШ дзюдо кхиийта шен ши дешархо — Цунэдзиро Томита а, Мицуё Маэда а. Цара гайтира дзюдо Вест-пойнт цӀе йолу АЦШ тӀеман академехь а, КӀайн цӀан чохь а. Цул тӀаьхьа Мицуё Маэда ша вахара Америкехула турне. Цо дакъа лоцура тайп-тайпана йахьаллонашкахь кхоьчу тайпана латархойшаца. ТӀаьххьаре иза Бразилехь сецира. Цигахь цо Бразилин джиу-джитсун бух биллира.
1910 шо дуьйна Лондонехь Ӏаш вара Гундзи Коидзуми. 1918 шаран 26 январехь цо хьайиллира цигахь тӀеман говзаллаш Ӏамош организаци «Будоквай» (Budokwai).
1929 шарахь, Кодокане веана Рабиндранат Тагоран дехар бахьнехь, Канос дзюдо хьехархо вахийтира Бомбее, ХӀинди.
1929 шарахь Германехь хилира хьалхара халкъашна йуккъера дзюдон йахьаллонаш Лондонера «Будоквай» клубан а, Висбаденан а, Майн-тӀера-Франкфуртан а клубашан а. И вовшахкхетараш клубашна йуккъера йахьаллонаш санн йолайеллехь а, 1932 шарахь царех йуьззина халкъашна йуккъера йахьаллонаш хилира.
1932 шарахь Дзигоро Кано Х Олимпиада хилале Къилба Калифорнин университетан (Лос-Анджелес, АЦШ) студенташна хьалха вистхилира дешарехь дзюдос лоцу меттиг йуцуш. 1932 шаран 10 августехь Олимпиадехь Дзигоро Кано а, дзюдо Ӏамош болу 200 студент а дзюдо приёмаш гайтира.
1930-гӀа шераш долалуш хенахь Гундзи Коидзуми шен доттагӀашка хьахийра Европин дзюдон союз кхоллар, амма ШозлугӀа дуьненан тӀом бахьнехь цунах гӀуллакх ца хилира.
1948 шаран 24 июлехь Лондонехь кхоьллинера Британин дзюдон ассоциаци. Кхиъ ши де даьлча Йоккха Британис а, Италиc а, Голландис а, Швейцарис а кхоьллира Европин дзюдон союз (European Judo Union, EJU). 1951 шарахь цу бертан йуккъе йахара Австри а, Франци а.
1951 шарахь кхоьллира Халкъашна йуккъера дзюдон федераци (IJF).
1952 шарахь кхоьллира АЦШ дзюдон марзбелларчера Федераци (US Amateur Judo Association, AJA). 1953 шарахь Сан-Хосехь (Калифорни) хилира хьалхара АЦШ дзюдон чемпионат. 1955 шарахь AJA шен цӀе хийцира. Керла цӀе йара Дзюдон Ӏаьржа доьхкийн федераци (Judo Black Belt Federation, JBBF). Кхиъ 12 шо даьлча цара йуха а шайн цӀе хицира: хӀинца цера цӀе йара АЦШ дзюдон Федераци (US Judo Federation, USJF).
1952 шарахь Гаванехь хилира хьалхара панамерикин дзюдон чемпионат.
1956 шарахь Токиохь хилира хьалхара Дуьненан дзюдон чемпионат. Иза йара йозаллин категориш йоцуш. Оцу чемпионатехь дакъа лецира 21 пачхьалкхара латархой.
1961 шарахь Парижехь хилла йолу 3-гӀа дуьненан чемпионатехь дуьххьара буьйлабелира латархой йозаллин категоришна бекъа. Оцу чемпионатехь Голландера латархос Антон Гесинкс хьалхара эшабира Японера спортхой. Цо йаккхира хьалхара меттиг абсолютни йозаллин категорехь.
Дуьххьара Олимпиадан ловзарашан дзюдо йукъайахара Токиохь 1964 шарахь.
1969 шарахь АЦШ дзюдон федерацина йукъара дӀаелира цхьайолу организациш. Цара кхоьллира АЦШ дзюдон ассоциаци (USJA). Цунан бакъонаш цхьатера йара АЦШ дзюдон Федерацица. 1969 шарахь АЦШ дзюдо Ӏамош вара 135 эзар спортхо. Кхоно AAU организацех хилира United States Judo Incorporated (USJI). Иза лоруш йу АЦШ дзюдон коьрта организаци. USJF а, USJA а хилира цуьна цхьатера бакъонаш йолуш декъашхой.
1980 шарахь хилира зударашна йуккъера хьалхара дуьненан дзюдо чемпионат. 1988 шарахь дзюдо дуьххьара йукъайахара Сеулехь хилла Паралимпийн ловзарашан программе.
1988 шарахь хилла Олимпиадехь хьалхара гайтира зударийн гайтаман дзюдон латар. Кхиъ 4 шо даьлча зударийн дзюдо Барселонан 1992 шарахь хилла йолу Олимпиадан программе йукъайахара.
2004 шарахь зударийн дзюдо йахьаллонаш йукъайахийтира Афинашкахь хилла йолу Паралимпийски ловзарийн программе.
2005 шо дуьйна Европин дзюдон союзас йолайира ката чемпионаташ. 2008 шарахь Парижехь Халкъашна йуккъера дзюдон федераци йира хьалхара дуьненан катан чемпионат.
Россиехь 1914 шо кхаччалц дзюдо хууш йацара. Ганкок цӀе йолу америкин эпсаран книгашан тӀера аьцца цхьайолу дзюдон приёмаш Ӏамайора Петарбухан полицин школехь 1902 шо дуьйна.
Россиехь а, СССР а дзюдо дӀасайаржира дуьххьара дӀа В. С. Ощепковс бина болх бахьнехь. Цо шен жималла 1905 шо дуьйна Японехь йаккхира. Иза вара хьалхара дзюдо Ӏамо болабелла европейцах цхьаъ. 1917 шарахь цунна елира 2-гӀа дан.
1930-гӀа шерашкахь цо чӀогӀа къахьигира дзюдо йаржайеш, цкъа хьалха Генара Малхбалехь (1914 шо, 1917—1925 шерашкахь), тӀаккха Новосибирскехь а (1928 шо), Москвахь а (1930 шо дуьйна).
Ощепков чувоьллин а, веллачул тӀехь (1937 шарахь) цуьнан дешархош дзюдон бух тӀехь кхоьллира керла латаран тайп — самбо.
Ощепков веллачул тӀехь 1960-гӀа шераш доладаллалц СССР дзюдо кхиош йацара. Дзюдо Ӏамайа болабелира СССР-хь маьлла а паргӀато йаьлча. Дзюдон йахьаллонашехь дакъа лаца болабелира советски самбисташ. Масала, советски самбистан команда дика гайтира ша 1962 шарахь Эссенехь хилла йолу Европин чемпионатехь.
Российн дзюдон федераци йу Европин дзюдон бертан декъашхо. Европин федераци йу Халкъашна йуккъера дзюдон федерацин йукъайодуш.
2010 шарахь IJF йукъахь йара 198 халкъан дзюдон федераци. Дуьненахь дзюдо Ӏамош 28 миллион стаг ву, царах 8 миллион — Японехь, 200 эзар гергга — Россиехь. Халкъашна йуккъера марзйелла латаран федерацис ма-бахара (FILA), дзюдо а, греки-римин латар а, паргӀата кепар латар а, самбо а бу дуьненахь массарелла а бержина спортан латараш.
Кодокан стилин дзюдон кхоъ коьрта техникин дакъа ду: ката (яп. 形 ката , ма-дарра «кеп», куьцан шардаран гулам, дзюдохь ката йо шиммо), рандори (яп. 乱取り рандори , ма-дарра «паргӀата дӀалацар», техникин приемаш Ӏамайан Ӏалашо йолуш хьалхе хӀоттина бакъонашца латар), сиай (яп. 試合 сиаи , «йахьалла»).
Иштта Кодокан дзюдо Ӏаморан программан йукъахь бу кихон (яп. 基本 кихон , «бух», оцу дакъанехь ду коьрта хӀоттараш Ӏамадар (сисэй), меттахвалар (синтай а, тайсабаки а), ша ларвар а (укэми), иштта кумиката — тайп-тайпана дӀалацараш Ӏамайар) а, каппо — денваран техника.
Дзюдо Ӏамайо татамин тӀехь, дзюдоисташ когаш Ӏуьйра лела. Тренировкехь цара лелайо дзюдоги. Дзюдоги йукъайогӀуш йу куртка, хеча, доьхка. Классически дзюдоги кӀайн йу, амма IJF йаш йолу халкъашна йуккъера йахьаллонашкахь декъашхой хуьлу кӀайн а, сина а дзюдогиш йохна.
Хьалха дзюдон йукъайогӀуш йара Дзигоро Канос хаьржина эвсара тайп-тайпана джиу-джитсу школийн приёмаш (рю), амма йахьаллонашкахь кхерамаза ераш. 1895 шарахь хьалхара чӀагӀйина Кодокан приеман список йукъахь йара 40 кхоссар. Уьш йакъна йара пхеа декъе. Уьш дукха хьолехь летташ йора.
2010 шарахь дзюдон техникин арсеналехь хилла дакъонаш: нагэ вадза (яп. 投技 нагэ вадза , кхоссараш), катамэ вадза (яп. 固技 катамэ вадза , меттах ца валитар), цу йуккъе йогӀуш йара сацош приёмаш а (осаэкоми вадза), лазош приёмаш (кансэцу вадза), садукъдеш приёмаш а (симэ вадза), атэми вадза (яп. 当て身技 атэми вадза , Ӏаьткъа меттигашан тохаран техника).
Кодокан дзюдон йукъайогӀуш йу 67 приём нагэ вадза а, 29 приём катамэ вадза а. Оцу бух тӀехь кхоллало шортта кхийолу техникаш (хэнка вадза).
Атэми вадза а, иштта уггаре кхераме приёмаш нагэ вадза а, катамэ вадза а Ӏамайо ката кепехь.
Дзюдохь лелайо белш тӀоьхула йа букъ тӀоьхула кхоссараш (масала, Иппон Сэойнагэ — куьг белштӀера схьалецна букъ тӀоьхула кхоссар); ког кӀелатасараш а, подсечкаш а, подхваташ.
Кхоссараш йокъуш йу шина декъе:тати вадза (яп. 立ち技 тати вадза , летташ йеш йолу кхоссараш) а, сутэми вадза (яп. 捨身技 сутэми вадза , охьакхеташ йеш йолу кхоссараш).
Летташ йеш йолу кхоссараш йекъалуш йу кхаа декъе: тэ вадза (яп. 手技 тэ вадза , куьгашца йеш йолу кхоссараш), коси вадза (яп. 腰技 коси вадза , гӀодйукъаца а, гӀогӀашца йеш йолу кхоссараш), аси вадза (яп. 足技 аси вадза , когашца йеш йолу кхоссараш).
Сутэми вадза кхоссараш йекъалуш йу масутэми вадза (яп. 真捨身技 масутэми вадза , букъан тӀе охьакхеташ кхоссараш) а, ёко сутэми вадза (яп. 橫捨身技 ёко сутэми вадза , агӀон тӀе охьакхеташ кхоссараш) а.
Дзюдохь йу дукха тайпан лазош приёмаш (кансэцу вадза), царна йукъехь зеразакъаш а, шедаш а.
Лазош приёмаш йало муьлха а хоттаран ), амма, — травманаш къезга хилитархьам, — спортан дзюдохь голан бен магийна йац.
Сацоран техника йу дуьхьалаверг кхоьссинчул тӀехь татамех букъ тоьхна сацоран лелош йу.
Дзюдохь лелош йу шина тайпан садукъа приёмаш:
Атэми вадзан йукъайогӀуш йу удэ-атэ а (куьйгаш тохар), аси-атэ а (когаш тохар), атама-атэ а (корта тохар).
Атэми вадза а, каппо а техникаш Дзигоро Канос ийцира дзюдзюцу Тэндзин Синъё Рю школера.
Российн дзюдон Федерацис хӀоттина дзюдон дешний дошам оьрсийн метта гоч деш а, комментариш йолуш.
Дзюдон теорис приём йар йокъу лахахь йагарйина мурашна:
Рандори цӀе йолу Ӏемаш латаран Ӏалашо йу приёмаш Ӏамор. Рандори иштта гӀо до дзюдоистан доьналла чӀагӀдаран.
Рандори тайп-тайпан хуьлу. Масала, дзю рэнси йаш хенахь ши а дзюдоист вовшен тӀелата бакъо йолуш бу. Какари гэйко йаш хенахь тӀелеташ цхьаъ бен вац, шозлугӀаниг дуьхьало йеш хуьлу.
Дзюдоисташ лата болало когаш тӀехь летташ хенахь (тати вадза). Оцу мурехь дукха хьолехь лелош хуьла нагэ вадза техника.
Цхьана дзюдоистас важа татамин тӀе охьатоьхча латар долу лаьттах латаран муре (нэ вадза). Наггахь, латархой Ӏамош хенахь, латар голаш тӀехь лаьтташ йолайо (нэ вадза). Иштта леташ хенахь лелайо катамэ вадза техника.
Рандори латарехь дакъа лацарал сов, дзюдоисташ Ӏамайо куьцан комплексаш — ката.
Ката Ӏамайаш шина дзюдоисто дакъа лоцу. Оцу хенахь цхьаммо (тори) билгалйаккхина приёмаш йо вукхунтӀехь (укэ). Катан йукъайогӀуш йу дӀахӀоттараш а, схьалацараш а, меттахвалараш а, нийсаллах вохавараш а, нийса приёман кечам бар а, приём йар а, охьатоьхнарг леттахь сацавар а.
Ката йаш йу дзюдон коьрта бухаш Ӏамабарна а, приёмаш нийса йарна а, дзюдон философин принципаш шарйаран а. Цул совнах, ката йеш Ӏамайо йахьаллонашкахь магийтина йоцу приёмаш а, тахана лелош йоцу приёмаш йовзитаран а.
Кодокан дзюдон йукъайогӀуш йу 8 чӀагӀйина ката:
ХӀора ката шен Ӏалашо йолуш йу. Масала, Катамэ-но ката а, Кодокан госиндзюцу а йу спортан йахьаллонашкахь магийтина йоцу ша шен ларваран приёмаш шарйаран кхоьллина; Дзю-но ката — леларан шералла шарйаран.
Кодокан госиндзюцу ката кхоьллира Кэндзи Томикис. Кхоно цо кхоьллира айкидон стиль Томики Рю.
Кодоканс чӀагӀйина катал сов, йолуш йу аттестацин программан йукъа ца йахана кхин тӀе ката, масала, дуьхьала йеш йолу приёмаш (яп. 返し技 каэси вадза ) шарйаран кхоьллина Го-Но-Сэн-но ката.
Дзюдоистан говзаллин хьаьжна, цунна дала тарло дешархон (кю) йа говзанчан (дан) дарж.
Кодокан дзюдохь йу 6 кю, царех лахарниг — 6-гӀа кю, лакхарниг — 1-ра кю. Цхьайолу дзюдон федерацишкахь кюш алсамо йу.
Дзюдо 12 дан йу. Цхьана стаган бен ца йелла 11 дан, цхьанне ца йелла 12 дан. Лахарниг дан йу 1-ра, лакхарниг — 10-гӀа дан.
ХӀора даржан шен доьхкан бос бу. И бесаш хӀора пачхьалкхан а, федерацин а шен-шен бу.
Лакхара говзалла дарж долчара леладо цӀен-кӀайн (6-8-гӀа данаш) а, цӀен а (9-10-гӀа данаш, дзюдо кхиоран луш йу) доьхкош. Лакхара дан йолу спортхойн гӀиллакхехь магийтина ду тренировкехь цӀен-кӀайн я цӀен доьхкан меттан Ӏаьржа доьхка дехка.
Кодокан дзюдон доьхкан бесаш | |
---|---|
КӀайн (6-4-гӀа кю) | |
Боьмаша (3-1-ра кю) | |
Ӏаьржа (1-5-гӀа данаш) | |
ЦӀен-кӀайн (6-8-гӀа данаш) | |
ЦӀен (9-10-гӀа данаш) |
Дзюдон доьхканийн бесаш Бразилехь | |
---|---|
КӀайн | |
Сина | |
Можа | |
ЦӀехо-можа | |
Баьццара | |
Шекъан басахь | |
Боьмаша | |
Ӏаьржа |
Дзюдон бух тӀехь кхоллаели дукха тӀеман латаран говзаллаш а, ша шен ларваран говзаллаш а, масала, америкин тӀеман дзюдо (American Combat Judo), эскаран латаран система, США хӀордан гӀашсалтийн тӀеман система.
Иштта ларваран приёмаш Ӏамайо катан куцехь: Кимэ-но ката а, Кодокан госиндзюцу а.
Японин полицехь дзюдо Ӏамош йу 1886 шо дуьйна. Полицин леррина кхоьллира зуламхо схьалацаран приёмийн комплекс — Рэнкохо вадза (тайина Сумиюки Котанис (10-гӀа дан Кодокан дзюдо), Ёсими Осава и Юити Хиросэ (шинна а йу 7-гӀа дан)).
Зударашна 1943 шарахь Дзиро Нангос Кодоканехь кхоьллира ката комплекс Ёси дзюдо госинхо. Цу йуккъехь йара кхаа декъе йакъна 18 приём.
Дзюдоисташ Ӏамабаро гӀо до царна кхиамца зуламхойн дуьхьало йеш:
Амма кхоьча тайпан латаран векалаш ларваларан дзюдо лелайар къобал ца йо:
Ирахь а (тати вадза), лаьттахь а (нэ вадза) лата хааран гӀо до дзюдоисташан кхиамца лата ийна латарашехь (Mixed Martial Arts).
Дзюдо Ӏаморас гӀо до дешархойн цхьадогӀу син кхиаран. Дзюдос кхиайо низам а, чӀогӀамалла а, гӀиллакх а, кхетаво кхиамашан а, цара тӀекхача оьшуш болу къинхьегаман а йолу уьйра.
Дзигоро Кано аьллера: Суна хета, дзюдо дика хьехархос Ӏамошверг, шен даймохк безаш а хирву, шен даймехкан гӀуллакх дезаш а хирву, къонахчун амал йолуш а хирву, хьуьнаре а хирву.
Дзодо Ӏамошболучарна Канос хьехамаш бина:
Дзигоро Канос йуцура дзюдо могашалла чӀагӀйан пайден йолу спорт йу аьлла.
Спортан дзюдо шуьйра йаржина дуьненахь. Дзюдон халкъан а, континентан а, дуьненан а чемпионаташ а, кубкаш а («Йоккха гӀем» а, «Дуьненан суперкубок» а, «Европин клубийн кубок» а, кхиераш а) хуьлу. Иштта хуьлуш йу кегирхойн а, ветеранийн а чемпионаташ.
Дзюдо йу олимпиадан а, паралимпиадан а спортан тайпа. Дуьненахь спортан дзюдо кхиош йу Халкъашна йуккъера дзюдон федераци (International Judo Federation, IJF).
ХӀора шарахь IJF арахоьцу дерригдуьненан дзюдоистийн рейтинг. Иза лоруш йу дзюдоисташ континентан а, дуьненан а чемпионаташках а, халкъашна йуккъера кубкан йахьаллонашкахь а гайтина кхиамашка хьаьжна. Иштта арахоьцуш йу дерригдуьненан суьдхойн рейтинг.
Спортхой континентан а, дуьненан а чемпионаташкахь а, Олимпиадашкахь а дакъа лацар ду цера дуьненан йукъара Халкъашна йуккера дзюдон федерацин рейтингехь йолу меттиган хьаьжна (WRL). Рейтинг лору дзюдоисташ «Дуьненан кубкехь» а, «Гран-При» а, «Йоккха Шлема» а, «Мастерс» а турнирашкахь а, континентан а, дуьненан а чемпионаташкахь а, Олимпиадашкахь а даьккхина очкишка хьаьжна. ХӀора толаман шен мах бу. И мах цхьана шарахь лаьтта. Цхьа шо даьлча иза доьулгӀа дакъан лахло, ши шо даьлча — ах хуьлу, кхо шо даьлча 75 % лахло, 4 шо даьлча дӀаболу.
Спортхойн толамийн рейтинган мах лору таблицас ма-гайттара:
Йахьалло | I меттиг | II меттиг | III меттиг |
---|---|---|---|
Олимпиадаш | 600 | 360 | 240 |
Дуьненан чемпионаташ | 500 | 300 | 200 |
«Мастерс» | 400 | 240 | 160 |
«Йоккха Шлем» | 300 | 180 | 120 |
«Гран-При» | 200 | 120 | 80 |
Континентан чемпионат | 180 | 108 | 72 |
Дуьненан кубок | 100 | 60 | 40 |
Дзюдоистийн йахьаллонаш хуьлу латаран техникин а (сиай), катан а (йахьллонаш йоду шишша стаг цхьана волуш, катан массо а декъан нийсалла йусту).
Йахьаллонаш йекъало кхаа тайпан:
Декъашхой йукъара дӀабаларан тайпане хьаьжна йахьаллонаш дӀайоду:
Коьрта халкъан а, халкъанаш йукъара а йахьаллонаш йоду олимпийски системица синтеме латарашца. Иштта йахьаллонашехь декъашхой шина тобана боькъа. Оцу тобанаш йукъахь йахьаллонаш дӀайоду олимпийски системица. Йахьаллонан толамхо а, шозлугӀа меттиг йаккхинарг а къаставо оцу шина тобана толамхой вовшах латарехь.
Хьалхара ши меттиг йоцуг, оцу кепаца билгалвоккху кхозлугӀа меттиг йаккхина ши латархо. Синтеме латараш хуьлу шинна а тобан хьалхара ши меттиг йакхинчара эшанарчара декъашхойн йуккъехь. Синтеман латаршкахь цхьана тобана толамхо къовса 3-гӀа меттиг ахфиналехь эшийна волу вукха тобанан декъашхоца.
Дзюдоисташ лета татамин тӀехь. Цуьнан барамаш бу 14×14 метр. Латар доьду 8×8 йа 10×10 метр квадратан йуккъехь. 3 метр йа 3 метрал сов шуьра меттиг йу латархойн кхерамзалла хилита. Спортхо татамел аравелча латар сацадо, суьдхос латархой татамин йукъа балабо. Нагахь санна приём йеш хенахь цхьа латархо татамел аравеллехь, татамин тӀехь йолина приём бен лоруш йац.
Халкъашна йуккъера дзюдон федерацин йахьаллонашкахь дзюдоисташ йуху башха бесан дзюдоги — сина а, кӀайн а. Кхиъна спортхойн латаран хан 5 минот йу. Цера цхьатера мах хадор хилахь тоьлларг къаставан 2 минот хан тӀетуху.
Дзюдон йахьаллонаш кхел йо кхаа суьдхос (цхьаъ татамин тӀехь а, шиъ агӀонгара а).
Дзюдон йахьаллонаш хуьлу заьӀапхона йукъахь а (царна йуккъехь, бӀаьрса дика доцучарна а). Иштта йахьаллонашкахь бакъонаш хийцина хуьлу латархойн таронашка хьаьжна.
Магийна йу кхоссараш а, сацораш а, лазон а, садукъдан а приёмаш. Лазон а, садукъдан а приёмаш лаьтташ хенахь йан мегиш дац. Иштта а тохараш (атэми) магийтина дац спортан дзюдохь.
Латар долалуш хенахь шиа латархо лаьтташ хила веза. Татамин тӀебоьвлича дзюдоисташ вовшега охьатеӀа. Иштта уьш вовшега а, суьдхогаша а охьатеӀа лата болабале а, летта боьвлича а.
Латархой лата болало суьдхос «хадзимэ» аьлча. Цхьана хенан латар сацабархьам суьдхос «матэ» олу. Латар чекхделча суьхос олу «соро-мадэ».
Латархой леттахь леташ хенахь уьш сацабархьам (масала, уьш татами йистера йуккъе бахархьам) «соно-мама» олу (меттах ма довла).
Масала приём кхиамца чекхйаллехь цуьнан мах хадабо. Мах кхаа тайпан бу: «юко» (яп. 有効 ю:ко: , ма-дарра «эвсара») а, «вадза-ари» (яп. 技あり вадза ари , ма-дарра «техникин ах») а, «иппон» (яп. 一本 иппон , ма-дарра «цхьа очко», цӀена толам) а. Лакхара мах — «иппон» бу, цул лахара бу «вадза-ари», кхиъ лахара бу «юко». Хьалха хилла 4-гӀа мах «кока» (яп. 効果 ко:ка , ма-дарра «хилларг») дӀабеккхира 2009 шарахь). «Вадза-ари» лоруш йу массо а «юко» мехах лакхара. Цхьана латархос ши «вадза-ари» мах болу приём йича, суьдхос толам цуьнга дӀало («вадза-ари-авасэтэ-иппон» — «вадза-ари вовшахтоьхна иппон ло»).
«Иппон» толлам ло лахахь билгалдеккхинарг хилча:
Приёман «вадза-ари» мах хадабо:
Приёман «юко» мах хадабо:
Йахьаллонан бакъонаш кхочуш ца йича суьдхон спортхойн таӀзар дан йиш йу — «сидо» (яп. 指導 си:до , наказание). ТаӀзар до бакъонашца догӀуш доцу хӀума дича а, парталаллан а, и. к. д. Хьалхара йелла «сидо» дӀахьедар лоруш ду. ШозлугӀа «сидо» спортсменан йелча, цунна дуьхьалволчуна «юко» ло. 3-гӀа «сидо» спортсменан елча, цунна дуьхьалволчунна «вадза-ари» а ло, хьалха йелла «юко» дӀа а йоккху. 4-гӀа бакъонашах ваьлча латар хьем боцуш сацадо, бакъонашах талхийначунна дисквалификаци а йо — «хансоку-макэ» (яп. 反則負け хансоку макэ , ма-дарра «эшавар бакъонаш талхоран бахьнехь»). Цунна дуьхьалволчуна «иппон» ло. Кхераме бакъонаш йохайар хилча «хансоку-макэ» йала тарло хьалха «сидо» а ца луш.
2010 шаран 1 январь дуьйна йахьаллонан бакъонаш хийцайелира.
Керла бакъонашкахь цхьайолу приёмаш магийтина йац. Масала, магийтина дац хьалхара приём гӀодайукъал меже схьалацар хилар. Иштта магийтина дац лоха охьатаьӀна латта (таӀазар — сидо). Дисквалификаци йо муьлха а дзюдон са дохоран.
ХӀинца латар хираду шина видеокамерас дӀайаздеш. Латархой очкиш цхьатера хилча тӀетоьхна 2 минотехь хьалхара мах хадор хиллалц табло тӀехь гойтуш хираду латаран 5 минот чекхйаьлча латархойн хилла очкиш. Нагахь санна цхьаммо а приём ца йахь, тоьлларг суьдхош къаставира ву.
Хьалха йахьаллонашкахь дзюдоисташ цера йозаллега хьаьжна къаста ца бора. Хьалхара уьш йозаллица къасто болабира 1932 шарахь Лос-Анджелесехь хилла йолу Олимпиадехье.
Хьалхара йозаллин категориш кхоьллира 1948 шарахь Къилбаседера Калифорнин дзюдон комитетан куьйгалхос Генри Стоунс. Йукъайаккхинера 4 йозаллин категори: 130 фунт кхаччалц а, 150 фунт кхаччалц а, 180 фунт кхаччалц а, абсолютни а.
1952 шарахь Парижехь хилла Европин чемпионатехь латархой цер говзаллин хьаьжна бекъарал сов хилира йахьаллонаш 63 кг кхаччалц а, 70 кг кхаччалц а, 80 кг сов а, абсолютни йозаллин категорехь а.
1964 шо кхаччалц дзюдон дуьненан чемпионаташкахь йозаллин категориш йацара. Уьш йукъайаккхира Токиохь Олимпиада хилале. Уьш йукъайаккхаран цхьа бахьан дара Антон Гесинкс Японин дзюдоисташ дукха эшабар.
1964 шарахь божарийн йахьллонашкахь йукъайаккхира 4 йозаллин категори: йайниг а (63 кг кхаччалц), йуккъераниг а (80 кг кхаччалц), ахъезаниг а (93 кг кхаччалц), абсолютни а.
1972 шаран Олимпиадехь 6 йозаллин категори йинера: йайниг а (63 кг кхаччалц), ахйуккъераниг а (70 кг кхаччалц), йуккъераниг а (80 кг кхаччалц), ахйезаниг а (93 кг кхаччалц), йезаниг а (93 кг сов), абсолютни а.
1980 шарахь 8 йозаллин категори йинера: тӀехйайниг а (60 кг кхаччалц), ахйайниг а (65 кг кхаччалц), йайниг а (71 кг кхаччалц), ахйуккъераниг а (78 кг кхаччалц), йуккъераниг а (86 кг кхаччалц), ахъезаниг а (95 кг кхаччалц), йезаниг а (95 кг сов), абсолютни а.
1992 шарахь абсолютни йозаллин категори дӀайаккхинера.
Спортан дзюдохь дзюдоисташ бекъалуш бу 7 йозаллин категорин:
60 кг кхачалц | 60~66 кг | 66~73 кг | 73~81 кг | 81~90 кг | 90~100 кг | 100 кг сов |
48 кг кхачалц | 48~52 кг | 52~57 кг | 57~63 кг | 63~70 кг | 70~78 кг | 78 кг сов |
Талламаш гойту спортан дзюдо Ӏамайар кегийча нахан кхерамза хилар. Спортан дзюдо Ӏамош болу кхиина спортхойн лазораш алсамо хуьлу хьакавалар доцу спортан тайпанашца йустича, амма цхьатерра йу кхоьчу хьакалушволу спортан тайпанашка хьаьжча.
Дзюдоистийн лазабарех 70 % лазавараш хуьлу йахьаллонашкахь. Лазаваран коьрта бахьанаш ду Ӏамор а, йахьаллонаш а нийса ци хилар а, нийса ца Ӏамавар а, йахьаллонийн бакъонаш талхайаран а, приёмаш нийса ца йар а, нийса ша шен ларвар ца йар.
Ах лазаваран бахьан ду чехка йа тӀехь меже саттайар а, нисйар а, йа хьовзайар а; 40 % бахаьн до охьакхетар; 10 % ши а бахьан ду.
Самбо йу СССР кхоьллина а, Россиехь а, дуьненахь а йаржина. Цуьнан дзюдоца башхонаш йу бедарш а (самбистан бедарш йу куртка а, спортан шорташ а, мачаш а), спортан йахьаллонийн бакъонаш а (самбохь магийтина ду когашна лазош приёмаш йар, садукъдар магийтина дац), самбисташ охьатаьӀна латтар а (дзюдоисташ нийса лаьтта), самбисташ татамин метта куза лелабар а (самбон куза горга а, кӀеда а бу).
Самбо Олимпиадашкахь хуьлуш йац.
Самбон а, дзюдон а йахьаллонийн бакъонашкахь йолу башхалаш
Техника | Спортан дзюдо | Спортан самбо |
---|---|---|
Когаш лазош приёмаш | ||
Садукъдеш приёмаш | ||
Приём «Канэ Басами» (дзюдо) / «ножницы» (самбо) | ||
Приём «Кавадзу Гакэ» (дзюдо) / «обвив» (самбо) |
Хьалхара божарашан йукъахь дзюдон олимпийски йахьаллонаш хилира 1964 шарахь Токиохь. Цу хенахь спортхой къуьйсуш йара 4 совгӀатийн комплект. Царех кхоъ японцаш схьайаккхира. Зударийн йахьаллонаш хилира 1992 шарахь Барселонехь хилла йолу Олимпиадехь.
Олимпиадашкахь дзюдон йахьаллонашкахь массарелла дукха совгӀаташ деккхина пачхьалкх йу Япони — японаш йаккхина 1964 шо дуьйна 109 къийссина хилчарех 35 дашо мидал а, 15 датониг а, 15 борзаниг а.
2-гӀа меттахь йу Франци. Цо йаккхира 10 дашо медала а, 8 датониг а, 19 борзаниг а. 3-гӀа меттахь йу Къилбаседа Корей — цо йаккхира 9 дашониг а, 14 датониг а, 14 борзаниг а мидал.
Олимпиадашкахь баккхи кхиамаш беккхина дзюдоисташ:
Дзюдох лаьцна йу Цунэо Томитас йазйина роман «Сугата Сансиро». Куросавас 1943 шарахь йаккхира иштта цӀе йолу фильм (цуьнан кхи цӀе — «Дзюдон похӀма»). ТӀаьхьа и фильм кхиъ 5-за йаккхира (1955, 1965, 1966, 1970, 1971 шерашкахь).
1945 шарахь Куросавас арахийцира фильм «Сугата Сансиро. Часть II» (яп. 續姿三四郎 Zoku Sugata Sanshirō ). Цуьнан шозлугӀа цӀе йара «Дзюдон похӀма II».
Цхьа куьг долучера дзюдо Ӏамош вара детектив Сид Холли — масийтта романан турпалхо («Игра без козырей», «Твёрдая рука», «Дорога скорби», «По заказу»). И романаш йазйинарг вара ингалсан йаздархо Дик Френсис.
1986 шо дуьйна 1993 шо кхаччалц Big Comic Spirits журналехь арахоьцуш йара Наоки Урасавас йазйина манга «Yawara!». Иза йара дзюдо Ӏамош йолу Явара Инокума (яп. 猪熊 柔 Inokuma Yawara ) цӀе йолу йоӀах лаьцна. 1988 шо дуьйна 1997 шо кхаччалц арахоьцуш йара Кацутоси Каваи йазйина «Хьайн доьхка чӀогӀа дехка!» (яп. 帯をギュッとね! Obi o Gyuttone! ) цӀе йолу манга.
1969 шарахь 2 апрель дуьйна 24 сентябрь кхаччалц Fuji Television студис гайтира «Дзюдо латар» йа «Курэнай Сансиро» (яп. 紅三四郎 Kurenai Sanshiro ) Тацуо Ёсидас йаккхина анимен 26 сери.
2004 шарахь Гонконгехь йаккхира дзюдох лаьцна фильм «Охьакхоссар» (Yau doh lung fu bong).(http://kinoprosport.ru/brosok-vniz-2004/ Архивйина 2012-09-21 — Wayback Machine)
Judo Викилармехь |