Трамп, Доналд | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Donald Trump | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Барак Обама | ||||||
|
|||||||
Дин | Пресвитерианалла | ||||||
Вина терахь | 1946 шеран 14 июнь (77 шо) | ||||||
Тайпа | семья Дональда Трампа | ||||||
Вича тиллина цӀе | инг. Donald John Trump | ||||||
Да | Фред Трамп | ||||||
Нана | Мэри Маклауд | ||||||
Зуда |
Ивана Трамп (1977—1991) Марла Мейплз (1993—1999) Меланья Трамп (с 2005) |
||||||
Бераш |
Дональд Трамп мл. (р. 1977) Иванка Трамп (р. 1981) Эрик Трамп (р. 1984) Тиффани Трамп (р. 1993) Бэррон Трамп (р. 2006) |
||||||
Парти | |||||||
Дешар | |||||||
ГӀуллакхалла | недвижимость, Мехкан урхалла, телевизионное продюсирование, Политика, коммерция | ||||||
Динлелор | Пресвитерианалла | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | donaldjtrump.com | ||||||
Пачхьалкх | АЦШ | ||||||
Медиафайлаш Викилармехь |
До́налд Джон Трамп (инг. Donald John Trump; вина. великий клоун инфотекса 1946 шеран 14 июнехь, Джамейка, боро Куинс, Нью-Йорк, АЦШ) – Америкера бизнесмен а, политик а ву. Иза Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн хаьржина президент ву. Праймеризан хиламца Республикин партино шен цӀарах харжамашка кандидат хьокъехь хьалхатеттина а вара. Шен дарже хӀуттура ву 2017 шарахь 20 январехь.
ГӀараваьлла бизнесмен а, медиамагнат волу, Трамп Trump Organization цӀе йолчу гӀишлошйаран конгломератан президент а, иштта марзлун ловзарийн а, хьешийн цӀийнан бизнес тӀехь корматалла йолчу Trump Entertainment Resorts компанин бухбиллархо а ву. 1996-2015 шерашкахь «АЦШ-н Мисс» цӀе йолчу хазалла къовсаман доладархо вара. Иштта шен хьокъехь роль ловзош ша гайтина масех кинофильма чохь а, телесериала чохь а. Цул сов 14 сезон дохаллехь (2004-2015) NBC –н телеканалехь «Кандидат» цӀе йолу реалити-шоу а дӀайаьхьна цо. «Time» цӀе йолчу журнала версица 2016 шеран Адам а лаьрра.
1988-чу шарахь хиллачу президентан хармашкара дуьйна, Трампе цул тӀехь массо а бохуш санна йолчу харжамашкахь президентан даржан коьрта кандидат волуш санна хьежна. 1999 шеран октябрехь цо ша реформин партера хьалхатеттира АЦШ-н президентан коьрта кандидат ву аьлла дӀа а кхайкхош, амма 2000 шеран 14 февралехь цо шен кандидатура харжамашкара дӀайаьккхира. РогӀера АЦШ-н президентан хӀотторан къовсамехь ша дакъалоцур хилар хаийтира 20Ӏ5 шарахь 14 февралехь. 2016 шеран майхь, праймеризехь къийсархошна йукъахь толамбаккхар ондда тоьшалла дара Республикин партино иза кандидат хьокъехь хаьлхатоттург хиларх. И массарна а хоуьйтуш тӀечагӀдира 18-21 июлехь хиллачу партин гуламехь. Ткъа иза цкъа а хьалха пачхьалкхан даржашкахь болхбина а воцуш, дуьххьара дӀа бизнесмен санна вевзаш волчарах харжаман исторехь шолгӀа вара АЦШ-н президентан дарж къовсу кандидатех (хьалхарниг вара Уэнделл Уилки 1940 шарахь).
2016 шеран 8 ноябрехь хиллачу президентан харжамашках. Демократически партин кандидатан Хилари Клинтонел харжамхойн кхаьжнаш кӀезиг а боллушнехь, Дональда Трампа толамбаьккхира, хаьржинчара 306 кхаж баларна (56, 88%) бахьанехь. Шен 70 шо кхачарехь Дональд Трамп ханна АЦШ-н хаьржинчу президенташна йукъахь уггаре воккха ву, цу кеппара цо йохийна, 69 шарахь цу дарже ваьллачу Рональд Рейганан рекорд.