Людовик XIV | |
---|---|
Louis XIV | |
ГӀуллакхан тайпа | политик, коллекционер искусства, Актёр, монарх, пачхьалкхан гӀуллакххо |
Вина терахь | 1638 шеран 5 сентябрь |
Вина меттиг | Сен-Жермен-ан-Ле, Франци |
Кхелхина терахь | 1715 шеран 1 сентябрь (76 шо) |
Кхелхина меттиг | Версаль, Франци |
Корматалла | 64-гӀа Францин паччахь |
Гражданалла | Франци |
Да | Людовик XIII |
Нана | Австрин Анна |
Зуда |
|
Бераш |
1-ра зудчуннах:
йоьӀарий:
|
Куьг таӀор | |
Людовик XIV Викилармехь |
Людовик XIV де Бурбон, (вича цунна цӀе йелира Луи́-Дьёдонне́ «Дала велла», фр. Louis-Dieudonné), иштта цунах олура «малх-паччахь» (фр. Louis XIV Le Roi Soleil), иштта Сийлахь-воккха Людовик (фр. Louis le Grand), 1638 шеран 5 сентябрь, Сен-Жермен-ан-Ле — 1715 шеран 1 сентябрь, Версаль) — Францин а, Наваррин а паччахь 1643 шеран 14 май дуьйна. Иза паччахь вара 72 шарахь — Европин исторехь массарелла а дукха.
Людовик XIV ву Александр Дюмас йазйина «Кхо мушкетер» книган коьрта историн персонажах цхьаъ.
1929 шарахь арахийцира фильм «Эчиг тутмӀаьжиг». Иза йара Дюмас йазйина «Виконт де Бражелон» книгица йаьккхина. Оцу фильмехь Людовик а, цуьна шал вина ваша роль левзира Уильям Блэкуэлл. Луи Хэйвард левзира шина вешина роль 1939 шарахь йаьккхина фильмехь «Эчиг тутмӀаьжиг йолу стаг». Ричард Чемберленс левзира и роль 1977 шарахь йаьккхина фильмехь, Леонардо Ди Каприос — 1998 шарахь. Французаш 1962 шарахь йаьккхина оцу фильмехь и роль йара Жан-Франсуа Поронехь.
1966 шарахь Роберто Росселлини йаьккхира биографин телефильм Людовик жима волучу хенах лаьцна «Людовика XIV дарже кхачар». Иштта цунахь лаьцна йу Жерара Корбьё режиссёрс йаьккхина фильм «Паччахь хелха волуш ву». Оцу фильмехь гойтуш йу Ӏедалан а, исбаьхьаллин а йукъаметтиг. Людовик XIV ву «Ватель» цӀе йолу Ролан Жоффес хӀоттина драмин коьрта персонажах цхьаъ.
Цу хенахь хилларш гойту Нин Компанеецс 1996 шарахь йаьккхина жима сериалехь «Паччахьан некъ». Иза йу историн драма Франсуаза Шандернагор книги йаьккхина «Паччахьан аллей: Франсуаза д’Обинье, маркиза де Ментенон, Францин паччахьан зудчуна дагалецамаш». Людовик XIV ролехь вара Дидье Сандр.
«Анжелика а, паччахь а» фильмехь Людовикан ролехь вара Жак Тожа. Людовик иштта гучуволу оцу сериалан хьалхара шина фильмехь: «Анжелика — маликийн маркиза» и «Исбаьхьалле Анжелика».
1993 шарахь Роже Планшонс йаьккхира биографин фильм «Луи, паччахь-бера» Людовик XIV жима волучу хенах лаьцна.
ХӀинцалера российн кинематографехь Людовик XIV роль левзира Москохан Керла драматически театран артист Дмитрий Шиляев Олег Ряскован фильмехь «Паччахьан йалхо».
Людовик XIV лаьцна Францехь хӀоттина мюзикл «Малх-паччахь».
«ГӀоринарг: Юконера Иван мультфильмехь» Людовик гайтина жима волучу хенахь.
Людовикан амалаш а, ойланаш а йовза тоьллачарех хьост йу цо йазйина «Oeuvres». Иза арахецан Парижехь «Grimoird а, Grouvelle а» издательствехь (П., 1806).