Португа́ли (порт. Portugal, , миранд. Pertual), официалан цӀе Португа́лийн Респу́блика (порт. República Portuguesa, миранд. República Pertuesa) — континентан Европера уггар малхбузехьара пачхьалкх. Иза йу Пиренейн ахгӀайренан къилба-малхбузехь, къилбаседехьа а, малхбалехьа а Испаница доза ду, къилбехьа а, малхбузехьа а Атлантикин Ӏапказ бу. Пачхьалкхан цӀе Порту (лат. Portus Cale) олучу гӀалин цӀерах схьайаьлла йу.
ГӀала йу Тежу олучу хийистехь. Коьрта гӀалин латта 84 км² ду. Бахархой — 556 797 стаг Йокха Лиссабон (гӀалин йисташца) — 2750 км² бахархой 2,1 млн стаг.
ГӀалин мэр — Антониу Луиш Сантуш да Кошта.
Португали йу — Евразин континентан уггар малбузера пачхьалкх. Иза йу Пиренейн ахгӀайрен къилба-малхбузехь. лаьтта тӀехь Испанеца доза ду (1 214 км). Кхин Португалин йукъа догӀуш ду Азоран гӀайреш а, Мадейра ахгӀайре а.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |