Хьун

Данера гӀаш долу хьун
шуьйра гIа долу хьун. Эрмалойчоь, Дилижан
Таиландера догӀан тропикан хьун
Сьерра-Невада КалифорниН къилбаседера лаьмнашкара баганан хьун
Чилин къилба дакъан барамехь йолу Вальдивн хьун
Попан хьун (Fagus sylvatica) с ярко выраженными ярусами

Хьун — дукха йа кӀезиг эрзаш дитташ долу меттиг, диттийн йукъаш ораматаш йолуш, цуна хӀоттам коьллаш, бӀаьцаш, чураш а жӀаьлинускалш а кхин а.

Хьуьнан структура

Ладамен ораматийн биологин башхаллех а, церан хенах а, билгалчу физико-географин хьолах а доьзна хьуьнхахь кхуьу масех тӀегӀа ораматаш. ТӀегӀанаш — дика хаалуш дозанца къастийна ораматийн болх бен меженийн концентрацин ана ю. ТӀегӀанаш ян тарло цхьаьнца йа шинца, кхин сов а кепашца. Хьуьнхахь хуьлу тӀегӀанаш:

Попан хьун (Fagus sylvatica) дика къаьсташ йолчу тӀегӀанашца
  1. Дитташ. Хьуьнан бохь — тӀеттӀа кхетна диттийн цхьаьна кондарш. Барамера асан хьаннашкахь хила тарло шиъ кхаччалц хьунан бохь, тропикийн хьаннашкахь — диттийн пхиъ тӀегӀа. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь ю чӀогӀа лекха диттийн тӀегӀа.
  2. Коьллаш. Лаьтта лохачу диттийн коьллех.
  3. Бецан йа бецан-коьллийн.
  4. Корсаман.
  5. Хьуьнан йодар — «хьуьнхарчу латтан тӀехь органиках дисина чкъор» (БСЭ). Иза лаьтта охьаэгначу гӀашшах, геннех, зазанех, стоьмех, чкъорах, кхин а ораматех дисинчух, дийнатийн боьхаллех, дакъанах, кхоьбийн а, нӀаьвцицигийн а чкъорах. Хьуьнан йодарехь масех миллион яхархо хӀора квадратан метр тӀехь хуьлуш меттиг а нисло, цхьалханашна а, бактерешна а тӀиера дехкашка а, кегийра декха дийнаташка кхаччалц. Цундела хьуьнан йодар уггар луьста дахар долу тӀегӀа ю. Еллачу ораматех дисина чкъор делла чкъор ду. Хьуьнан йодаран роль чӀогӀа ладаме ю, цуо кхочушйо хӀара функцеш:
    1. Хьена латта кхоллало меттиг.
    2. Хино дӀадахьарах а, датарх а латта лардар.
    3. Латтан хинан а, хӀаваан а раж латтаяр.
    4. Латтан хьун кхиийтаран хьал.
    5. Ораматаш декха элементаш гуллало меттиг.
  6. Хьуьнан латтан бухара тӀегӀа лаьтта хьуьнан латтан а, цуьнан дуккха а йолу яхархойн а ораматийн ораман системех, царна йукъахь ю фауна, жӀаьлин нускалаш, микроорганизмаш.

Хаало тӀегӀанера доцу ораматашхьерчаш а, текхаш а долу ораматаш а, эпифиташ а.

Коьрта компонент ю дитташ. Коллаш а, дийна латтан чкъор а ца хила тарло луьста баххьаш долчу хьуьнхахь. Дийна латтан чкъор йукъайогӀу йолуш йолу корсамаш, бецан ораматаш, коллаш.

Билгалдахарш

  1. Лес // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. 1 2 Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.  Архивировано из источника 14 апреля 2013
  3. 1 2 Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  4. Лес — Энциклопедия Кольера
  5. Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  6. Энциклопедия лесного хозяйства. — М.: ВНИИЛМ, 2006. — Т. 2. — С. 38. — 416 с. — ISBN 5-94737-023-9.
  7. Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  8. Энциклопедия лесного хозяйства. — М.: ВНИИЛМ, 2006. — Т. 2. — С. 38, 45. — 416 с. — ISBN 5-94737-023-9.