Цийн импери

Историн пачхьалкх
Сийлахь Цийн пачхьалкх
ций. 大清國
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Шатлакхан илли: Золотой кубок
 
 
 
 
1636 — 1912
Коьрта гӀала Мукден (16361644)
Пекин (16441912)
Мотт (меттанаш) маньчжурийн, монголийн, цийн, тибетан
Официалан мотт маньчжурский язык, монгольский язык, Китайн мотт, тибетский язык
Ахча детин лян (16361835)
цийн юань (18351912)
Майда 14,7 млн км² (1790 шо)
Бахархой 432 000 000 ст. (1850)
400 000 000 ст. (1900)
383 100 000 ст. (1912)
Урхаллин тайпа абсолютан монархи
before-after
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Сийлахь Цийн импери, Цийн импери йа Сийлахь Цийн пачхьалкх (маньчж. ᡩᠠᡳᠴᡳᠩ
ᡤᡠᡵᡠᠨ
дайцин гурунь, ций. 大清國, 大清国, : Да Цин го), маньчжурийн некъийн урхалча — тӀаьххьара импери, цунна чу йогӀу йерриг Цийчоь. Цийн импери хилла 1644 шерера 1912 шо кхаччалц 1917 шарахь йоццачу реставрацица (тӀаьхьарниг йахйелир 11 денна), цул хьалха оцу латтанаш тӀехь импери Мин йара, ткъа хийцира иза Цийн республико. Мультиоьздангаллин Цийн импери лаьттина кхо бӀешо гергга, кхоьллина хӀокху заманан цийн пачхьалкхан мехкан база.

Импери кхоьллинера чжурчжэнин тайпано Айсинь Гьоро Маньчжурера. XVI бӀешо чекхдолуш империн вассал Мин Айсиньгьоро Нурхаци волавелира вовшахтоха чжурчжэнин тайпанаш «бархӀ байракх йолу эскар». Нурхацис кхоьлллира царех тӀеман ницкъ боцург, амма социалан йукъаралла а, иза девзира маньчжураш санна. 1616 шарахь Нурхацис кхайкхийра чжурчжэнин пачхьалкх Цзинь меттахӀоттор (исторехь иза йевзина «ТӀаьхьара Цзинь»), ткъа ша хан кхайкхийна.

1636 шарахь цуьнан кӀанта Айсиньгьоро Абахайс долийна арататта цийн ницкъаш (тъӀаьхьарчу хьосташкахь олу минан) Ляонинера, кхоьллира керла импери Цийн. 1644 шарахь ахархойн гӀаттаман эскаро, коьтехь Ли Цзычэн вара, схьайаьккхира импери Минан коьрта шахьар Пекин. Китайн инарла У Саньгуй берта вахана маньчжурашца, дӀайиллира Шаньхайгуанан дехьаволийла бархӀ байракх йолчу эскарна, коьртехь принц Доргонь волчу, цуо иэшийна гӀовттамхой, аракхийсина уьш Пекин чуьра. Маньчжураш Цийчоь йаккхар лаьттира 1683 шо кхаччалц, чекхйелира император Канси (урхалла дина 1661—1722) волчу хенахь. Императоран Цяньлунан Итт сийлахь гӀала, цуо кхоьллина уьш 1750—1790-гӀа шерашкахь, Цийчоьнан Ӏаткъам шорбина Йуккъерачу Азехь. ХӀетте а Цийн хьалхара урхалчаш маньчжурийн кепара дахар леладора, лелайора официалан императоран титул, кхин дӀа цуьнца цхьаьна буьсура монголин ханаш, дола дора Тибетера буддизман, цара урхалла дора махкахь конфуцийн хьесап лелош, Цийчохь ламаста хилла йолу бюрократин аппарат а лелош. Цара Ӏалашйира ламаста экзаменийн система, цийн-хань Ӏедалан аппарат йукъа битархьама, даржийра вассалан йукъаметтигаш гергарчу пачхьалкхашна йукъахь, царех боьллера уьш хьалхарчу империн заманахь дуьйна. Тайвань санна регионашкахь, цийн паччахьийн арахара политика тера йара колониаланчух.

Императоран Цяньлунан (1735—1796) урхалла императоран ницкъалин апогей хилира, цигара йолайелира чуйуза Ций. Империн бахархой тӀекхийтира 400 миллион стаг гергга, амма налогаш лахара йуьсура, цуо бух биллира хин болчу баланийн а, къоьллан а. Коррупци массанхьа а йара, ткъа гӀовттамхоша правительствога кхойкхура лата, оцу хенахь урхалла ден элитин ца лаара, дуьненахь хийцамаш болучу хенахь, шайна гар хийца. Хьалхара опиуман тӀамехь тоьлла Цийн имперел, европин пачхьалкхаш цхьатеррабакъонаш йоцу барт бира цаьрца, маьрша йохк-иэцар, эксмехкалла, маьрша порташ йукъайехира, уьш кхечу мехкийн тергонехь йара. Тайпинийн гӀаттамо (1850—1864) а, Дунганийн гӀаттамо а Йуккъерачу Азехь дӀадахьира 20 миллион сов стеган дахар. Берриг и бохамаш цхьанатуьйхира йукъараллин элиташ а, гӀоьртира рогӀера боцу хийцамаш бан. Амма церан хьалхара жамӀаш хӀаллакдира Цийн импери иэшаро Хьалхара японан-цийчоьнан тӀамехь. 1895 шарахь иэшоро йайира Тайванан а, Корейн а терго. ТӀеман хийцамаш болийра, амма амбицеш йолу Хийцамийн бӀе де 1898 шарахь буьйхира, император-аьзни Цыси дуьхара латтарна. Цул тӀаьхьа, Боксёрийн гӀаттамна дуьхьало йеш, бархӀ пачхьалкх тӀелетира Маньчжурина а, Цийчоьнна а. Империн гӀуллакхашна кхи пачхьалкхаш йукъагӀертарна дуьхьала болу гӀаттамна, цуо цийн къоман-маршонан боламан амал лелайора, нийса ца кхийтира урхалин чкъор (иза хьалха санна алсама маньчжурийн дара). Император-аьзни Цыси йуьхьанца гӀовттамхошца йара, цул тӀаьхьа, цаьрга толам баккхалур боцийла кхетта, интервентийн агӀо йелира.

ТӀаьххьара барт бан реза хилла, правительство бира цул тӀаьхьа махкахь ца хиллачу кепара налогийн а, административан а хийцамаш, цара шайна чулоцура, керла законийн гулам а, пачхьалкхан экзаменаш дӀайахар а. Сунь Ятсена а,кхечу революционераша а къосам латтабора, ишттачу хийцамхошца, масала, Лян Цичаоца а, Кан Ювэй тайпана монархисташца а, уьш гӀертара хийца Цийнан монархи хӀокху заманан пачхьалкхаца. Император Гуансюй а, император-аьзна Цыси а беллачул тӀаьхьа 1908 шарахь компромисс йоцучу маньчжурин суьдо совцийра хийцамаш. 1911 шеран 11 октябрехь дуьйладелира адам сийсар, цунах хилира Синьхайн революци. ТӀеххьара императоро Пу Ис йитира Ӏарш 1912 шеран 12 февралехь.

ЦӀе

Нурхацис шех олура «Лепаш волу Хан» а, «ТӀаьхьара Цзинь» (дуьххьала дӀа «деши»). И дош лелийна империн цӀарчохь Цзинь а, цуьнан шен тайпанех Айсиньгьоро (Айсин маньчжурийн маттахь «деши» бохург ду). Его сын Айсиньгиоро Абахай переименовал государство в Великая Цин в 1636 году. Кхин а цхьа маьӀна ду дешан Цийн («цӀена»). ЦӀе харжа тарлора кхин а дӀахалор а, контрбарам санна хьалхалерачу пачхьакхах Мин, цу йукъахь гуш дара маьӀна «малх» (日) а, «бутт» (月) а, уьш цийн зодиакехь йогӀу цӀеран йуьхьигца. Цу тӀе «Цийн» йогӀура хица. Иштта йешаро таро йора дов гайта Минна а, Цийнна а йукъахь, дов цӀарна а, хинна а йукъахь санна (Цийнан толам цӀе дӀайайина хи ду), кхин тӀе йара буддийн коннотацеш Маньчжурий daicing схьадаьлла хила тарло монголийн дашах «тӀемло». Шен рогӀехь, Daicing gurun, билгала доккхура «тӀемлойн пачхьалкх» монголашна а, маньчжурашна а. Амма гуттар тӀаьхьачу заманахь маньчжурашна шайна дицделлера и маьӀна.

Чоьхьара Цийчоь схьайаьккхина, маньчжураша элира шайн пачхьалкхах Цийчоь а, Китай а (中國, Zhōngguó; «Йуккъера Паччахьалла»), маньчжурийн маттахь олура Dulimbai Gurun (Dulimbai бохург «йуккъера» ду, gurun — «къам» йа «пачхьалкх» ду). Официалан документашкахь махках олура «Китай» а, «Цийн» а, цу йукъахь дуьненайукъара берташкахь, Китай йевзара дуьненахь Цийн санна йа «Китайн Импери»), ткъа «китайн матто» (Dulimbai gurun i bithe) йукъаозабора китайниг, маньчжурийнаг, монголийнаг, оцу заманахь, «китайхой» (中國之人 Zhōngguó zhī rén; маньчжурийн: Dulimbai gurun i niyalma) кхетабора берраш империн бахархой. Оцу бертийн Китайн версехь дешнаш «Цийн» а, «Китай» а леладора вовшашца хийцалуш дерш санна.

Билгалдахарш

Комментареш
Хьосташ
  1. https://www.britannica.com/topic/Qing-dynasty
  2. 1 2 Yamamuro, Shin'ichi. Manchuria Under Japanese Domination(бил-боцу.). — University of Pennsylvania Press, 2006. — С. 246. — ISBN 978-0-8122-3912-6.
  3. Секретные маньчжурские записи. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 15 январь. Архивйина 2022 шеран 15 январехь
  4. Teng, Emma Jinhua. Taiwan's Imagined Geography: Chinese Colonial Travel Writing and Pictures 1683–1895(ингалс.). — Cambridge, MA, USA: Harvard University Asia Center, 2006. — ISBN 978-0674021198.
  5. Platt, 2012, p. p. xxiii.
  6. Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «Footnotes».
  7. Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «Footnotes».
  8. Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «Footnotes».
  9. Treaty of Nanking. 1842.
  10. McKinley, William. «Second State of the Union Address». 5 Dec. 1898.
  11. Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «Footnotes».
  12. Bilik, Naran. Names Have Memories: History, Semantic Identity and Conflict in Mongolian and Chinese Language Use. // Inner Asia 9.1 (2007): 23-39. p. 34

Хьажоргаш

Литература

Кхин тӀе литература
Историографи