Чурт

Нохчийн кешнаш (хьост " Потто В. А. История 44-го Драгунского Нижегородского полка. - СПб., 1892-1908.")
Чарташ Бостонехь
Хьаькна геннаш долу дитт кепара чурт

Чуртвеллачун билгалонна йа иэсанна хӀоттийна бетонах боьттина тӀулг, жӀар, тӀулг, скульптура йа архитектурин хӀоллам.

Чарташ (йа хӀолламаш) дукха хьолехь до ондачу тайпана Ӏаламан тӀулгах (мармарах, кир-маьӀданах, гранитах, габброх, лабрадоритах, гӀайракхах и т. д.) йа бетонах кепа дутту. Дукхаха нисло мармаран (гранитан) цуьргех. Наггахь мекха ца дулу болатах иэс хӀоттайо, цкъацца дечигах до.

Чурт тӀаьхь дукха хьолехь йазйо веллачун цӀе, вина а, велла а терахьаш, керстачара эпитафи йазйо, бусалбачара къуръанан айаташ а, делан цӀераш а йазйо, суьлханаш, Ӏаса, гӀаблин бустамаш дохку. Цхаболчара хӀиттадо суьрташ (йа зорба тоьхна, йа тӀулг аьгна). ХӀинца леладо суьртийн компьютеран агар. Чуртан кеп йозу дуккха а факторех: веллачун весетах, динан а, йукъараллин ламастех, доьзалан таронех, иштта кхин а.

Веллачун чурт хӀотторан хан иштта йозу дукха факторех: динан ламастех, гергарчеран таронех.

Чартийн тайпанаш

Дитт кепара чурт

Уггаре даьржина чуртийн тайпанаш — бетонах доьттина чурт, экъа, жӀар. Амма, цхьацца факторашка хьаьжина, масала таро, чурт хила тарло хӀоллам (керстачеран — бюст), йа зугӀар.

ЖӀар хӀоттайо керстачеран кешнашкахь. ЖӀаран тайпа доьзна веллачо лелийна керсталлех. Йаьржина Малхбален Европехь (малхбузен мехкашкахь дакъа дӀадуллу чурт (стела) буха), ткъа кхин а — йукъара а, цӀеххьана а дӀабохкар нисделча; тӀаьхьарчу заманахь, дукха хьолехь хӀоттадо цхьаьна ханна чурт. Иза до, коьртаниг, дечигах (хӀетте нисло тӀулгийн жӀараш кепара а).

Чурт — дуьненахь уггаре даьржина тайпа ду. ХӀиттадо белларш лаьттах бухку массо а динийн кешнаш тӀехь. Чарташ муьлхха барамехь а, беса а, дизайнехь а хуьлу — чӀапа экъанан тӀера къубан цоколь тӀекхаччалц а, деакӀуон тӀера гоьргачун тӀекхаччалц а. Кхин а даьржина "чкъуьйриг" кепара чарташ, хьалха агӀора шардина, кхечу агӀора аьгна. Вукха агӀора тӀехула а, "чкъуьйриган" агӀонаш тӀехь а хила тарло киртигаш, шурфийн ларраш, бурун ларраш, кхин дӀа а. "Чкъуьйриган" барамаш тайп-тайпана хуьлу. Католикин мехкашкахь а, Исраилехь а чарташ кӀайн до, ткъа православин а, протестантийн а — Ӏаьржа. Бусалбачарна гӀоле хета кӀайн йа гӀамаран басахь чарташ.

ХӀоллам — лакхахь ирло лекха чурт — хӀоттадо алсама нах боьхкинчу кешнашна тӀехь. ХӀолламаш даьржина а, дукха а ду. ХӀиттадо, коьртаниг, советийн тӀемлойн монументашна тӀехь.

Экъа — иштта даьржина чуртан тайпа ду. Чуртах къаьста каш тӀейиллина хиларца. Экъанаш лелайо дукхах дерг католикин а, протестантийн а мехкашкахь.

Нисло чарташ-саркофагаш а, айина меттигца билгалдаьхна кешнаш а.

Статуя хӀоттайо гӀарабевллачу нехан, тӀемлойн, хьалдолчу нехан кешнаш тӀехь. Уггаре йаьржина статуян кеп — бюст (доьхка я накха ма-барра дина адаман коьртан сурт). Статуя йо борзанах, базальтах йа мармарах.

Суьрташ

Хьажа кхин а

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «Чурт»

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш