Республика Эквадор | |||||
---|---|---|---|---|---|
испан. República del Ecuador | |||||
| |||||
Девиз: «Dios, patria y libertad (испан. «Дела, Даймохк, маршо»)» |
|||||
Эквадоран Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 1809 шеран 10 август (Испанех) | ||||
Официалан меттанаш | Испанхойн мотт, Кичуа (мотт), Шуар | ||||
Коьрта гӀала | Кито | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Кито, Гуаякиль | ||||
Урхаллин тайпа | Президентан республика | ||||
Президент Вице-президент |
Гильермо Лассо Альфредо Борреро |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 283 561 км² (73-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 2,4 | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2022) | ▲ 18 267 203 стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2019) | 205,989 млрд долл. (67-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 11 929 долл. | ||||
АДКИ (2019) | ▲0,758 (лакхара; 85-гӀа меттиг) | ||||
Ахча |
АЦШн доллар, эквадоран сентаво; эквадоран сукре (2000 шо кхаччалц) |
||||
Интернет-домен | .ec | ||||
Код ISO | EC | ||||
Код МОК | ECU | ||||
Телефонан код | +593 | ||||
Сахьтан аса | -5 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора | ||||
|
|||||
Медиафайлаш Викилармехь |
Эквадо́р (испан. Ecuador), официалан цӀе — Респу́блика Эквадо́р (испан. República del Ecuador ), — Къилба Америкин къилбаседа-малхбузера пачхьалкх.
Эквадоран малхбузехьа Тийна Ӏапказан хиш ду, къилбаседехьа доза ду Колумбица, малхбалехьа а, къилбехьа а — Перуца. Эквадоран йукъахь ду Галапагосан гӀайренаш.
1830 шарахь Сийлахь Колумбин республикех къаьстина Кито департаментах йира маьрша пачхьалкх «Эквадор» (испан. Ecuador схьадаьлла испан. ecuador — «экватор» дашах) цӀе а йолуш, цӀе йелира пачхьалкхан мохк экваторан шинне агӀор латтарна.
ХӀинцалера Эквадоран махкахь генарчу заманахь дуьйна даьхна тайп-тайпана индахойн тайпанаш — кара, киту, тумбе, каньяри, кхин а. Уьш бехара талларца, чӀаралацарца, латталелорца.
Вайн эран 1-ра эзарлагӀа шо чекхдолуш бердаца деха кара тайпана индахой, тӀелетира ламанан кӀошташна, иэшийра меттигера бахархой — киту а, кхин а тайпанашкара индахой (цхьаберш хӀаллак бира, цхьаболчарна ассимиляци йира), йиллира пачхьалкх, цунах латинаамерикин литературехь олу «Киту паччахьалла».
XV бӀешарахь (1460 шо гергга долуш) «Киту паччахьалла» схьайаьккхира инкийн пачхьалкхо Тауантинсуйус (схьайаккхаран тӀом бахбелира 15 шарахь гергга). Инкийн пачхьалкхан дукхаха болу бахархой (инкаш — урхаллера чкъор) бара кечуа тайпанан индахой. И мохк схьабаккхар бахьнехь кечуа мотт уггаре баьржина индахойн мотт хилира хӀинцалера Эквадоран махкахь.
Эквадоран мохк Испанина баьккхира Писарро Франсиско накъосташа — Бартоломе Руиса (1526 — дуьххьара десант йоссар) а, Себастьян де Белалькасара (1531 шарахь схьабаьккхира Эквадоран мохк) а. Цара шира индахойн йуьртан меттигехь йиллира Сан-Франсиско-де-Кито гӀала. 1529 шарахь Писаррон Керла Кастилин (хӀокху заманан Перун а, Эквадоран а мохк) инарла-капитан дарж делира, ткъа 1539 шарахь шен ваша Гонсало Сан-Франсиско-де-Китон урхалча хӀоттийра.
Мохк схьа а баьккхина шортта деши а, дети а доллу меттиг ца карийна, испанхой махкахь плантацеш йан буьйлабелира, цигахь къахьоьгуш бара индахой а, Африкера балийна лайш а. Доккха маьӀна долуш дара ламанан кӀошташкахь уьстагӀийлелор.
XIX бӀешарахь Эквадорехь а, йерриг Латинан Америкехь буьйлабелира къоман-маршонан тӀемаш а, революцеш а.
Революцех цхьаъ хилира Китохь 1809 шеран августехь, цуьнан сийнна тӀаьхьа 10 августехь Эквадорехь кхайкхийра Маршонан де.
1820 шеран 9 октябрехь революци хилира, цуьнан жамӀехь пачхьалкх кхайкхийра — Маьрша провинци Гуаякиль.
Къоман болам туьйлира 1822 шарахь, Колумбин эскарша испанхой хӀаллак бича. Эквадор карайахара Боливар Симонна.
1822—1830 шерашкахь — Эквадор Сийлахь Колумбин йукъахь, оцу хенахь махках олура «Кито область».
1830 шеран 13 майхь кхайкхийра маьрша республика Эквадор, нисса оцу терхьера дуьйна мехко лелайо таханлера цӀе.
Дерриг XIX бӀешарахь а, XX бӀешеран хьалхара шерашкахь дуьйна Эквадоран дахар дӀадоьду шина партина — консерваторшна а, либералашна а — йукъара ира къийсамца.
XIX бӀешерийн йуккъехь дуьйна Эквадоран кхеланна йукъагӀерта европин мехкаш. 1845 шарахь Британин агӀор болчу Ӏаткъамо Эквадорехь тӀеоьцу лолла дӀадоккху закон. 1860-гӀа шерашкахь эквадоран президенто (фактехь — диктатор) Гарсия Морено Габриела Францица протекторат хӀотто барт бан гӀерташ кехаташ йаздо.
XIX бӀешеран чаккхенехь йолийра кхечу мехкийн инвестицеш Эквадоран капитална — британхой буьйлабелира мехкдаьтта лаха, ткъа америкахой — какаон а, къаьхьуон а плантацеш кхио, цӀерпоштнекъаш дахка.
1906 шарахь Конституцица католикин килс дӀакъастийна пачхьалкхах.
1923 шарахь Эквадорехь даккха долийна мехкадаьтта.
Оццу хенахь (1920-гӀа шерашна йуьххьехь) Эквадорехь кхоллабала буьйлабелла радикалан кхолламаш — социалистийн, анархистийн, коммунистийн. 1925-28 шерашкахь цара бира Эквадорехь масех герзашца болу гӀаттам, уьш Эквадоран правительство охьатовӀийра.
1941 шарахь — Эквадоран а, Перун а йукъахь тӀом хилира Амазонкин лакхенашкара шуьйра мохк бахьнехь. Перун эскар алсама а, тӀом бан хьуьнар долуш а хилла цхьа могӀа иэшамаш бира эквадоран ницкъашна. ЖамӀехь, 280 эзар км² майда йолу къовсаме мохк Перун кхечира (иза герга йу таханлера Эквадоран майданна).
2017 шеран экспорт — 19.12 млрд долл. — маьхкадаьтта, бананаш, зезагаш, креветкаш, какао, къаьхьуо, дечиг, чӀара, кӀуомал.
Коьрта эцархой — АЦШ — 31,5 %, Вьетнам — 7,6 %, Перу — 6,7 %, Чили — 6,5 %, Панама — 4,9 %, Росси — 4,4 %, Цийчоь — 4 %.
2017 шеран импорт — 19.03 млрд долл. — промышленностан сурсаташ, маьхкадаьтта сурсаташ, хьаштан сурсаташ.
45 % электроэнерги йоккху ЙЭС тӀехь, йисинарг ГЭС тӀехь, амма Эквадоран гидроэнергетикин таронаш йерриг лелош йац — хин резервийн доккхаха долу дакъа (Андашкахь) лелош дац.
Аренийн а, лаьмнийн а доккхаха долу дакъа (44 %) тӀуьна экваторан хьаннаш йолуш ду. ТӀаьхьарчу заманахь гӀаш долу дитташ хьакхар алсама даьлла. Хьуьнан промысел кхуьуш йу, масала кечдеш ду бальзан дитт, гевейан мут, капока а, пальмин бӀар гулдар. 75 % дечиг йагочунна лелош ду.
Ламанан ландшафто транспортан маша кхиорехь новкъарло йо. Дерриг цӀерпоштнекъийн дохалла ду 1200 километр. Онда къовлам болу автонекъаш — 23 256 км, лаьттан — 5044 км. Бердйисташкара а, кхи чоьхьара а гӀаланаш вовшахтосу Панамерикин некъ, чекхболу коьртачу шахьрахула — Китох. коьрта цӀерпоштнекъан хаамаша вовшахтосу Гуаякиль Куэнкица а, Китоца а.
Гуаякиль а, Пуэрто-Боливар а — уггаре йаккхий порташ йу. 10 коммерцин авиаасанаша дуьненайукъара а, кхин чоьхьара а хӀаваан дӀасалелориш до Хосе Хоакина де Ольмедо аэропортера.
Эквадоран тӀеман ницкъаш (испан. Fuerzas Armadas del Ecuador) — пачхьалкх маьрша а, латта ца даккхийта а, машар ларбаран а Ӏалашо йолу Республика Эквадоран дерриг эскар. Лаьтта лаьттахулара, тӀеман-хӀордан, тӀеман-хӀаваан ницкъех. 1996 шарахь герзашца болу ницкъашкахь гӀуллакхехь вара 125 185 стаг. 1995 шарахь тӀеман хьашташна дайира 386 млн долл., йа 2,1 % ДЧС.
Бахархойн барам — 16 904 867 (2020 шарахь мах хадор). Бахархой гулбелла шина уггаре йоккха гӀалахь — Гуаякилехь а, Китохь а, мехкан йисина нах беха меттигаш 400 эз. стагал сов йац.
Шарахь тӀекхета — 1,2 %;
Дуьненна тӀе бовлар — 17 стаг 1000 стеганна;
Адам далар — 5,2 стаг 1000 стегах;
Эмиграци — 0 стаг 1000 стегах.
Адам дахаран йуккъера барам — 74,5 божарий; 80,6 зудаий.
Иммунокъоьллин вирус кхеттарш (ВИЧ) — 0,4 % (2018 шеран мах хадорца).
Этно-расин хӀоттам: метисаш 65 %, индахой 25 %, хӀукӀайнаш 7 %, хӀуӀаьржанаш 3 %
Грамоталла — 94 % божарий, 92 % зударий (2017 шеран хаамашца).
Дин: католикаш 74 %, кхин берш 26 % — уьш бу Керстачеран а, Дин даржоран а Альянсан, Эквадорера Делан Ассамблейн Инжилан конференцеш, Делан килсан тӀаьхьабозурш, баптисташ, адвентисташ.
Цхьаъ бен боцу официалан мотт Эквадоран Конституцин 1 коьртан 2 йаззамца бу испанхойн мотт, къаьмнашна йукъахь буьйцу меттанаш официалан къобал бина цуьнца цхьаьна кечуа а, шуар а. Орамера къаьмнийн кхин меттанаш лелабо гуттаренна гулахь деха къаьмнийн шеш бехачура официалан мотт санна.
Урбанизацин тӀегӀа йу 64,2 % (2020 шарахь), уггаре луьста бахархой хевшина мехкан малхбузехь (бердйист) а, йуккъехь а.
Эквадоран коьрта шахьар Кито, йиллина испанхоша жима индахойн эвлан меттехь. Гуаякиль — шен барамца уггаре йоккха гӀала, йоккха порт а, махлелоран йукъ а йу, лаьтта хьена латта долчу йуьртабахаман регионехь. Куэнка — шен барамца кхоалгӀа гӀала йу, лору мехкан «оьздангаллин йукъ», дуккха а студенташ болуш, америкин а, европахойн а пенсионерашна йукъахь гӀарайаьлла - экспаташца. Манта — 250 000 вахархо волу хӀордан порт йу. Тойеш йу, цуо Мантина таро лур йу регионехь уггаре йаккхийчех порт хила.
Эквадор къаьста испанин оьздангаллин тӀаьхье орамера бахархойн оьздангаллин ламастийн тӀаьхье цхьаьнакхетарца. Мацца а цкъа мехкан латта йукъахь дара инкийн империн. Кито, Къилба Америкин колонийн коьрта шахьрехь уггаре дика лаьтташ йерг, хьалхара колонийн архитектурин чӀогӀа дика кепаш йу. Колонин муьрехь йерриг говзаллин кепаш кхуьура килсан Ӏаткъамца, цара леладора Европехь коьрта долчу бароккон хотӀан ларраш. ХӀинца дукхаха йолу болх беш йолу килсаша, Китохь Ӏалашдо мехала исбаьхьаллин кхолламаш: суьрташ, килсан пхьегӀаш, аьгна дечиг, статуяш, тайп-тайпана хаздерш.
Эквадоран кухнехь индахойн къаьмнийн ламасташ ду, дукха кепара даарш ду. ЧӀогӀа деза даар ду кхузахь: ягуарлокро (картолийн чорпа цӀийца), локро-де-кесо (картолийн чорпа нехчанца а, авокадоца а), кальдо-де-пата (эсанан кхаьрзина бергех йина чорпа), севиче (буьда хӀордан сурсаташ: чӀара, креветкаш, лаймин мутт чу, кӀуон бурч тухуш бераме йоьхкина устрицаш), кхаьрзина банан патакон, иза хьалха йуьллу тӀекхалла йа гарнир санна, кангрехада (кхехкийна крабаш). ГӀарайаьлла кхаьрзина куй (хӀордан хьакха) иза хьалхайуьллу ламанан декъехь а, бердйистехь а. Орельяна провинцехь меттигера бахархоша йуу чуйн тӀаьхь кхаьрзина пальмин чхьуьйриган нӀаьвцицигаш.
Эквадоран йий Къилба Америкехь лору уггаре дикачех. Цул сов, барашкахь ца кхоьрруш лур ду къоман «чичу», шекаран эрзаш даьккхина «писко» йа «агуардиенте» къаркъа.
Эквадоран коьрта арахьараполитикин Ӏалашо йу: арахьара агрессех мохк ларбар а, чоьхьара законехь доцу гӀуллакхех лардалар а; Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо (ВКъКх) а, Америкин пачхьалкхийн кхоллам (АПКх) гӀолацар; чӀара лаца берд йистера 200 миль хӀордан мехкан реза цахилар; 1942 шеран Машарех, доттагӀаллех, дозанех лаьцна Перус а, Эквадоро а махк къийсаран дов дерзоран протоколанна (Протокол Рио) реза цахилар. Эквадоран арахьамахлелоран йукъаметтигаш ламаста Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташка йирзина йара, 1970-гӀа а, 1980-гӀа а шерашкахь Эквадоро Маьхкдаьтта дозанал арадоккху — мехкийн кхолламан (ОПЕК) декъахо хиларна цкъаццӀа йозуш йоцу арахьара политика лелайора. Борха Севальос Родриго президент волуш, 1980-гӀа шерашкахь, Эквадоран дуьненайукъара арахьараполитикин уьйранаш хилира алсама тайп-тайпана, президент Фебрес-Кордеро Рибаденейра Леон волуш хиллачул, иза Цхьаьнатоьхна Америкин политике хьаьжна вара. Масала, Эквадоро шен уьйранаш жигарайаьхна КхолгӀа дуьненан мехкашца, дуьненайукъара кхолламашца, Малхбузен Европица, социалистийн мехкашца. 1969 шарахь Эквадоро а, Советийн Союзо а дӀатесира дипломатин йукъаметтигаш, амма 1972 шарахь, Эквадор ОПЕК йукъайахча бен, СССР бала ца хилла оцу мехкана. 1970-гӀа шерашна йуккъехь Советийн Союзо Китохь латтайора вакилат, АЦШца оцу мехкан Ӏаткъамна къовсам латтабора.
<ref>
тег нийса йац; кху cia
тIетовжаран йоза йаздина дацХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |