Итальянийн мотт | |
---|---|
Шен цӀе: | italiano, la lingua italiana ладогӀар |
Пачхьалкхаш: | |
Официалан мотт: |
Итали Европин барт Латинан Барт |
Нисдеш организаци: | L’Accademia della Crusca |
Мотт буьйцурш: | 70 млн герга |
Рейтинг: | 18 |
Статус | кхерамзаллехь |
Классификаци | |
Категори: | Евразин меттанаш |
Йоза: | латиница |
Меттан кодаш | |
ISO 639-1 | it |
ISO 639-2 | ita |
ISO 639-3 | ita |
WALS | ifi, ita |
Ethnologue | ita |
Linguasphere | 51-AAA-q |
ABS ASCL | 2401, 24 |
IETF | it |
Glottolog | ital1282 |
ХӀокху маттахь Википеди |
Итальянийн мотт (lingua italiana) — Италин официалан мотт бу.
Элп | Алар | ЦӀе (ит.) | ЦӀе (нох.) |
---|---|---|---|
A a | a | а | |
B b | bi | би | |
С с | , | сі | чи |
D d | di | ди | |
E e | , | e | э |
F f | effe | эффе | |
G g | , | gi | джи |
H h | хьажа тексте | acca | акка |
I i | , | i | и |
L l | elle | элле | |
M m | emme | эмме | |
N n | enne | энне | |
O o | , | o | о |
P p | pi | пи | |
Q q | деккъа цхьаьна qu | cu | ку |
R r | erre | эрре | |
S s | , | esse | эссе |
T t | ti | ти | |
U u | , | u | у |
V v | vu | ву | |
Z z | , | zeta | дзета |
Деккъа кхечу меттанашкара девлла дешнаш дӀаяздан | |||
J j | i lunga | и лунга | |
K k | cappa | каппа | |
W w | , | vu doppia | ву доппиа |
X x | ics | икс | |
Y y | , | i greca | и грека |
Итальянийн матто лелайо латинан абат тӀетоьхна диакритикашца. Яьржина ю иштта диграфаш.
Элпаш c, g билгалдоху аьзнаш , хьалхарчу могӀанера доцучу мукъа аьзнашна хьалха (o, u, a), ткъа мукъа аьзнашна e, i уьш доьшу а, а. Цхьаьна «ci, gi + мукъа аз» элп i ца доьшу, ткъа билгал бен ца доккху дешар c, g аффриката сашша (ciao 'салам'/'Ӏие шайна' ), нагахь i уозош дацахь. Цхьаьна элпаш cie, gie хӀинцалерачу маттахь ца къаьста аларца ce, ge( а, а). Уьш леладо цхьадолчу орамашкахь (cieco 'бӀаьрзе', хӀунда аьлча ceco 'чехийн' ду) а, зударийн родера дукхаллин терахьехь мукъа аьзнашна тӀехьа: valigia 'тӀоьрмиг', дукх. т. valigie (valige дац). Триграф sci билгалдоккху .
Аьзнаш , i, e хьалха хилча билгалдоккху ch, gh (дуста иштта sch ): ghiaccio 'ша' , che 'хӀу'.
h элпан шен аз дац. Иза леладо диграфашкахь ch, gh (триграфехь sch), тӀеэцначу дешнашкахь, айдардешнашкахь (ahi 'хӀун дие'), ткъа иштта, хандешан кеп билгалъяккха avere 'хила' омонимаш йолчу кхечу дешнех: ho 'сан ю' (o 'я'), hai 'хьан ю' (ai — предлоган цхьаьнатоьхна кеп a а артикль i а), ha 'цуьна ю' (a 'к'), hanno 'церан ю' (anno 'шо').
Диграфаш gl а, gn а билгалдоху палаталан сонанташ ('лль') а, ('нь') а. i доцург муьлххачу мукъа озаца цхьаьна, яздар доьху триграф gli: дус. gli ('льи') — артикль i хийцаялар, йа 'цунна'; амма migliaia ('милья́я') 'эзар'.
Элп q лела ца до qu кепара бен, цуо билгалдоккху . Шала дар qu триграф cqu санна хуьлу: acqua 'хи', nacque 'иза вина' (йукъарадаккхар: soqquadro 'низам ца хилар', biqquadro 'бекар').
Элпаш i а, u а билгалдаха тарло мукъа аьзнаш а, а, ткъа иштта глайдаш а, а. Дукха хьолах кхечу мукъа озан уллехь цуо билгалдоху глайдаш, нагахь иза уозош дацахь йа юьцург суффикс -ia яцахь. И уозор йозанехь билгал ца доккху: Russia 'Росси', амма trattoria 'трактир'. Дус. capìi 'со кхетта'.
e, o элпашка билгалдахало алсамо къевлина , , алсамо къевлина а , . Нагахь царна тӀехула акутан йа грависан хьаьрк ца латтахь, уьш къаста ца ло: legge 'закон' (), амма legge 'цуо йоьшу' ().
Акутан а, грависан хьаьркаш лелайо уггар хьалха, тӀехьара слог уозо езар гойтуш, цу тӀе уозо деза мукъа аз — i, u йа a делахь, даиман лелайо гравис: città 'гӀала', gioventù 'къуоналла', capì 'иза кхетта'. Нагахь мукъа аз йукъара барамехь уозо дезахь, диллина хилар гойтуш лелайо гравис, ткъа къевлина гойтуш — акут: perché 'хӀунда' , tè 'чай'.
Цул сов, акут а, гравис а хьаьркаш хӀиттайо цхьайолчу юьззина уозош йолчу кепашна, уьш уозош доцу дешнийн омографех къастаялийта: dà 'цуо ло', da 'тӀиера', sì 'хӀаъ', si '-ся' (дус. кхин а è 'иза ду', e 'а').
Элп j леладо цхьа могӀа тӀеэцначу дешнашкахь а, доларчу цӀерашкахь а ламастан яздар Ӏалашдеш (дус. Juventus). Шира тексташкахь хаало j дукхаллийн терахьера цӀерийн чеккхенгахь -io: principj 'долораш' (морфологехь principi-i, дус. principio 'юьхьиг').
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |