iOS (хьалхо iPhone OS) | |
---|---|
Кечдархо | Apple |
Осан доьзал | OS X |
Бухбиллина | macOS, Darwin |
ДӀайолалун код | ДӀакъоьвллана (маьрша компоненташца) |
Дуьххьара арахецар | 2007 шаран 29 июнехь |
ТӀаьххьара верси |
8.1.2 — 2014 шаран 9 декабрехь
|
Карлайаккхар | 1 шо |
Карлайаккхаран кеп | Apple Software Update, iTunes, обновление по воздуху |
Пакетийн менеджераш | App Store |
Долу меттанаш | 34 мотт |
Йолу платформаш |
тӀаьххьара релизин верси (8.1.2) тӀекхочуш ю:
|
Ядрон тайпа | XNU (гибридан) |
Интерфейс | API Cocoa Touch (мультитач) |
Лицензи | Проприетаран |
Хьал | Актуальни |
Веб-сайт | apple.com/ru/ios |
Медиафайлаш Викилармехь |
iOS (2010-чу шарахь 24 июнь кхаччалца — iPhone OS) — Америкин Apple компаниса ян а ешша, арахоьцуша йолу мобиле жигаре раж. Арахеццана 2007-чу шарахь; хьалха — iPhone-на а, iPod touch-на а, тӀехьа — iPad-на а, Apple TV-на а. Windows Phone (Microsoft) а, Android (Google) а цуьн коьрта башхалла — Apple фирмаса йечу устройствошна бен иза еш ца хилар ю.
iOS чохь лелош ю XNU тӀум, Mach микротӀум тӀехь кхоьллина йолу, шеца цхьана Apple компаниса кхоьллина йолу программе код а, NeXTSTEP а, FreeBSD а ОС-н кодаш а. iOS тӀум чӀогӀа тера ю Apple OS X текхе жигаре ражин тӀумаха. Уггаре а хьалхарчу версица дуьйна дӀа, iOS болх беш ю ARM архитектурин процессор йолчу планшете компьютерш тӀехь а, смартфонаш тӀехь а.