Киеван Печеран лавра

Сийлахь меттиг
Киеван Печеран лавра
укр.Свято-Успенська Києво-Печерська лавра
50°25′56″ къ. ш. 30°33′44″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Украина
ГӀала Киев
Лаьтта меттиг Киев
Дин Ортодоксан керсталла
Епархи Киеван епархи
Архитектурин хатӀ барокко
Архитектор Феодосий Печерский
Йиллинарг Антоний Печерский
Йиллина терахь 1051 шо
Бевзуш болу бахархой Антоний Печеран а, Феодосий Печеран а, сийлахь-веза Игнатий а, Кассиан Чувоьлларг а, Дукха Баланаш Лайна Иоанн а, Иеремия Печеран а, Никон Печеран а
Сайт lavra.ua
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Киеван Печеран лавра (укр. Києво-Печерська лавра) йа Сийлахь-йеза Марьям кхалхаран Киеван-Печеран монастырь (укр. Свято-Успенська Києво-Печерська лавра)- Ортодоксан килс йу.

Киевехь Украинин Ортодоксан Килсан монастыран комплекс йу. Керста нехан а, историн а, гӀишло йаран исбаьхьаллин а сийлахь меттиг йу. Киеван Печеран лавра пачхьалкхан долехь йу, ткъа динан организацеш иза аренде эцна. Йиллина 1051-чу шарахь Киевн йуххехь хьехийн монастырь санна. Йуккъера оьмарехь Русехь желтойн ортодоксан а, дуьненан Ӏедалан (динехьдоцург) оппозицин а, вестерназацин а чӀагӀо йара кхузахь.

Верещагин Василийн сурт "Киеван Печеран Лавран сийлахь-йоккха килс"

1592-чу шарахь Константинополан патриархатас ставропигия йелла монастыран. 1688 шо дуьйна лавра статус йу цуьнан. Йерриг Россин империн зияртан йукъе йара кхузахь. 1994 шарахь Софиян Килсанца ЮНЕСКО-н Дуьненайукъарчу хазанийн декъе йахна.

Лакхарчу лаврехь болх беш йу Къоман Киеван Печеран историн-оьздангаллин лардойла (1996 шо дуьйна). Ткъа ша монастырь лахарчу лаврехь йу. Оьхурш тӀеоьцуш ду лавран шии дакъа.

Къоман лардойлан юрисдикци йу лавран тӀехь.

2007-шеран Украинин поштан марка

2020-чу шеран 13 апрелехь мозгӀаршан а, монахашан а йукъахь 19-COVID йаржарна бахьан долуш лавра карантинан дӀакъовла сацам арахецна пачхьалкхо.